EPISODE · Jun 11, 2016 · 1 MIN
Сан Дела..
from Olkhazar · host Olkhazar
"Сан Дела.. Къа даьлла соьгара, Iеса хилла со.. Ахь аьлларг харцдеш дацара иза.. Хьуна доьхьал сой хIуттур хиларх ца тешаш а дацара и.. Хьан диканаш ца довзарна, уьш керстадарна дацара и.. Хьо везар сан гIийла хиларна, Хьоьга безам кIезга хиларна дацара и.. Вуониг хьоьхучу сан сино иэшийра со.. ГIелвеш йолчу сан дегIан марзонаша толам баьккхира суна тIехь.. ТIегIерта луьралла ла́н ца елира сан гIийла даге.. Сан Дела! Хьой охIлу волчу къинхетамца, къинтIера ва́ларца хьажалахь соьга.. Со охIлу волчу Iазапца, оьгIазлонца ма хьажалахь соьга.. ХIай сан Дела.. Сан бехк боккха бу, Хьан къинтIера ва́лар кхин а доккха ду-кх.. Сан къа а доккха ду, ткъа Хьан комаьршалла вуно доккха ду-кх.. Йа́ робб, хIай сан Дела.. и соьгахь дерг Хьайгарчуьнца хьулделахь.."
Embed this episode
Ready to play
Сан Дела..
No transcript for this episode yet
Similar Episodes
No similar episodes found.
Similar Podcasts
No similar podcasts found.